fotokosha
КХАЙКХАМ!
Диц ма дойла вай!
Ассаламу 1алайкум!
Лераме вежарий, йижарий а!
Чиллин-беттан 23-чу дийнахь вай дӀахьур йу Нохчийн а, ГӀалгӀай а махкахбаьхна шо кхачарца лерина ДАГАЛЕЦАМАН СУЬЙРЕ.
Вайн истори йезаш, бехк боцуш байъинчу нехан иэс-сий деш, бакъдерг лардар а, тӀекхуьучу тӏаьхьарчу тӀаьхьенашка дӀакхачор а, шайн декхар лоруш болчу массо а нахана вовшахтоьхна йу хӏара бохаман денна лерина.
Оцу сарахь вай дагалоьцур бу,цу шерашкахь хилла бохаме хиламаш, дӀакхелхинчеран иэс-сий лардеш, дуӏа а доьшуш, цхьаьна ойла йийр йу ийманан, бартан, собаран мехаллех лаьцна.
Дагалецаман суьйре чекхйолуш марха даста аьтто а хира бу (ифтар).
Массаьрга а шуьга кхойкху оха, схьа а дуьлий, хӀара дагалецаман суьйре тхоьца йекъа, вайна дагадогӀуш хилар а, диц ца деш хилар а гойтуш .
Саг1а дан а, дагалецаман суьйренна гӀортор йан а луучунна аьтто хира бу, цуьнан жоьпаллехь болчу нахаца зӀене бовла:
Мохьмад: +436765219644
Камета: +436601376459
Йа банкан трансферах пайда эца:
RTIO Khetasho
IBAN: AT98 1400 0050 1030 9427
Verwendungszweck: 23.02
Дала къобал йойла шун дика Ӏамалш а, ниййаташ а.
Ларамца, КХЕТАШО тоба
@rtioe_khetasho