tamaraadamova
Сегодня была на очень красивом торжестве в селении Бал-Юрт ( Дагестан)
На видео запечатлен красивый обычай «Кирхьа дадор»❤️
«Нускал арадаькхира. Хьалхаваьллачу гӏоьнче дӏаделира йоӏа шен кирхьа. Седарчийн моханашца яздина дара цу кирхьан тӏехь «Дала декъал йойла ненан хьоме йоӏ» аьлла. Нускал, куьг а лаьцна, кӏайчу пайточу хаийра. Карахь кирхьа а ловзош, пайтонна хьалхавелира цхьа хазчу, расхачу динахь волу бере.
“Кирхьа дадор” олу нохчаша зуда ялочу дийнахь хьалхавалар къовсарца говраш хахкарх. Толам баьккхинчунна совгӏат дар тӏедужуш хилла зуда ялочу кӏентан дена. Уггар кӏезганиг, дорахниг - ка балар а долуш, юккъераниг - детица, я дешица кхелина герз - шаьлта, я тур, я топ ялар а долуш, уггаре дезаниг, тоьлларг - говр ялар а долуш хилла цу совгӏатан барам. Нускалан ден цӏеран, ехна юьгуш елахь, я йоссийначу цӏеран, хан йиллина араяьлла, яхана хиллехь, ялочу кӏентан цӏа кхаччалц болчу новкъахула хохкуш хилла и говраш кегийчу наха, хьалха ваьл-ваьллачуьнга кирхьа кар-кара а луш, иза къевсина, дӏасаозийна, датӏийна, я охьадожийна, шайна тӏе эхь а ца доуьйтуш, я зударшца, берашца богӏучу замошна шайх новкъарло а ца еш»
#Хайдаевг1еран#той#Бал-юрт#Джабраил#Амина#❤️